Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10
Параллельные места
Зудабераш, паччахьца хиллачул тІаьхьа, кхечу метте схьагулдечу хенахь Мардахай паччахьан кевнна уллохь шена тІедиллина долу гІуллакхаш деш хилла. Паччахьан кевнехь гІуллакх деш болу массо а элий, ХІаманна хьалхахь охьа а теІаш, корта бетташ хуьлура. Иза царна паччахьо тІедиллина дара. Ткъа Мардахай я охьа а ца таьІара ХІаманна хьалхахь, я цунна корта а ца беттара цо. Паччахьан кевнехь гІуллакх деш болчу паччахьан ялхоша хоьттура Мардахайга: «Паччахьо аьлларг кхочуш хІунда ца до ахьа?» ХІора дийнахь бохург санна паччахьан элаша и хеттарш дора Мардахайга, амма цо ХІаманна корта бетта аьлла долу паччахьан омра кхочуш ца дора. ТІаккха элаша иза ХІамане дІадийцира. Царна хаа лаьара, чекхдер дуй те Мардахайн иштта лелар. Ткъа Мардахайс кхин а хьалха цу элашка дІадийцина хилла, ша жуьгтий ву аьлла. Шена Мардахайс, охьа а таьІаш, корта ца беттар гича, ХІаман чІогІа оьгІазвахара. Шен цабезам иза Іехорца дІалечкъош велахь а, цуьнан мекарло массарна а гучуер ю.
Выбор основного перевода