Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10
Параллельные места
Ас сайн цІенна тІехь куьйгалла дан хІоттаво хьо, дерриг а сан халкъ хьан омранаш кхочушдеш хир ду. Паччахьан дарже хьаьжна бен, со хьол лакхара хир вац». Цул тІаьхьа паччахь волчу Ахьаш-Варуша, чІогІа сий деш, хьалаайинера агІагхо волчу ХІамдатин кІант ХІаман. Цо иза, массо а элел а лакхара вина, дІахІоттийнера. Паршандати а, Далпан а, Аспати а, Пурати а, Адал-ЯхІу а, Аридати а, Пармашти а, Арисай а, Аридай а, Вайзати а вийра цара. Уьш ХІамдатин кІентан ХІаманан итт кІант вара. ХІаман жуьгтийн мостагІа вара. Цундела цара уьш байина дІабехира, амма церан бахамах куьг ца туьйхира.
Выбор основного перевода