Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10
Параллельные места
Хьан лай волчу Йоабан Іалашо и хІума вукху агІор гайтархьама яра, амма сан олахо хьекъалалла долуш ву, Делан малик хьекъалалла долуш ма-хиллара, кху лаьттахь долу массо а хІума хаархьама». Хьайна лиънехь, ахьа сан ден доьзал хІаллакбина хир бара, амма ахьа хьан лай волу со хьайца яа хІума юуш болчаьрца охьахаийра. Сан бакъо яц паччахье цхьа а хІума бахьана долуш гІо доьхуш кхайкха». «Массо а паччахьан гІуллакх деш болчарна а, массо а халкъашна а хууш ду, хІора зуда, я стаг, ша паччахьо тІекхайкхина а воцуш, иза волчу чухуларчу керта водахь, и стаг, Іедало ма-бохху, вийна хила везаш вуйла. И санна волу стаг дийна вуьсур ву, нагахь санна паччахьо цуьнга шен дашо гІаж дІакховдаяхь. Ткъа со паччахьна тІе кхайкхаза ткъе итт де дІадаьлла». Паччахьо шен дашо гІаж Эсиратана тІе хьажийра. Эсирата, хьала а гІаьттина, паччахьна хьалха дІа а хІоьттина, Ливанунерчу дечигах гІант дайтина Сулим-паччахьо, цу тІехь ша дІасалелавайта. Цуьнан гураш, тІе дети а лоцуш, дайтина цо, цуьнан бух, тІе деши а лоцуш, байтина, тІехоу меттиг цІечу кІадих яйтина. Чуьра а Ярушалайман мехкарша безамца кечдина ду и гІант. Дуьлол, Цийонера мехкарий, хьовсал таж тиллинчу Сулим-паччахье! Паччахьо зуда ялочу дийнахь, цуьнан дагна хазахетар хуьлучу дийнахь, шен нанас иза кечвина таж ду иза! Сан дог йийсаре лаьцна ахь, сан йиша, сан нускал! Сан дог йийсаре лаьцна ахь, цкъа хьайн бІаьргийн нур а тоьхна, хьайн кочара цхьа жовхІар а къагийна. Паччахьан дог Везачу Элан карахь ду, хорша чуьра хи санна, Шена луъучу метте дІахьажо йиш ю Цуьнан иза.
Выбор основного перевода