Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10
Параллельные места
ТІаккха паччахьо хаьттира: «Сингаттаме хІума-м дац, паччахьан зуда Эсират? ХІун дехар ду хьан соьга дан? Аса кхочушдийр ду хьан муьлхха а дехар, сайн ахпачхьалкх дІаяла езахь а». Ша хьалхарчу дийнахь ма-хаттара, чагІар молучу хенахь паччахьо Эсирате хаьттира: «Эсират, хІун дехар ду хьан соьга? Хьайна луъург соьга деха, кхочушдийр ду аса хьан дехар. Ахпачхьалкх дІаяла дезахь а, аса хьан дехар кхочушдийр ду». Паччахьо Эсирате элира: «Шушан-гІалин гІопахь жуьгташа пхи бІе стаг вийна, царна юкъахь ХІаманан итт кІант а волуш. Пачхьалкхан кхечу меттигашкахь хІун дина цара? Муха бу хьан лаам? Иза кхочушбийр бу. Кхин хІун дехар ду хьан? Иза а аса кхочушдийр ду».
Выбор основного перевода