Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10
Параллельные места
«Массо а паччахьан гІуллакх деш болчарна а, массо а халкъашна а хууш ду, хІора зуда, я стаг, ша паччахьо тІекхайкхина а воцуш, иза волчу чухуларчу керта водахь, и стаг, Іедало ма-бохху, вийна хила везаш вуйла. И санна волу стаг дийна вуьсур ву, нагахь санна паччахьо цуьнга шен дашо гІаж дІакховдаяхь. Ткъа со паччахьна тІе кхайкхаза ткъе итт де дІадаьлла». «Ваха а гІой, Шушан-гІалахь мел волу жуьгтий вовшах а тохий, суна тІера марха кхаба. Кхаа дийнаххьий, кхаа бусий ца молуш, ца дууш хан яккха. Со а, сан ялхой а хир бу, шу санна, марха кхобуш. Цул тІаьхьа со паччахь волчу гІур ю, иза Іедална дуьхьал делахь а. Нагахь со яла езахь, со лийр ю». Паччахьо хаьттира: «ХІинца мила ву кертахь?» Цу хенахь паччахьан цІийнан арахьарчу керта ХІаман веара. Иза, паччахье ша кечбинчу бІогІам тІе Мардахай ирхъолла аьлла, дехар дан веанера.
Выбор основного перевода