Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10
Параллельные места
Мардахайс аьлларг теллинчул тІаьхьа, паччахьна дІахиира, иза баккъал а бакъ дуйла. Паччахь вен барт бина волу ши гІаролхо дитта тІехь ирхъоьллира, ткъа паччахьна хьалха и массо а гІуллакхаш паччахьан хиламийн тептар тІехь дІаяздира. Паччахьо хаьттира: «ХІинца мила ву кертахь?» Цу хенахь паччахьан цІийнан арахьарчу керта ХІаман веара. Иза, паччахье ша кечбинчу бІогІам тІе Мардахай ирхъолла аьлла, дехар дан веанера. Паччахьан ваьІначу ялхойх цхьаъ волчу Хьарбуна элира: «ХІаманан цІенна уллохь лаьтташ, шовзткъе итт дол лекха а болуш, бІогІам бу. Иза ХІамана паччахь воьчуьра кІелхьарваьккхина волу Мардахай ирхъолла хІоттийна бу». ТІаккха паччахьо элира: «ХІаман цу бІогІам тІехь ирхъолла!» ХІаман ша Мардахайна кечбина болчу бІогІам тІехь ирхъоьллира. Цул тІаьхьа паччахь оьгІазваханчуьра юхавирзира.
Выбор основного перевода