Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10
Параллельные места
ТІаккха Эсирата элира: «Нагахь, паччахь, хьо суна реза а велахь, иштта паччахьан лаам а белахь, сан лаамца сан дахар а суна дуьтийла цо, сан къам а дийна дуьтийла цо сан дехарца. ХІара ду-кх сан хьоьга долу дехар, элира: «Паччахь, хьайн цу тІехь лаам а белахь, хьан бІаьргашна со езаш а елахь, хьан бІаьргашна хьалха хІара нийса а делахь, сан дуьхьа хІара гІуллакх дахьара ахьа. Хьо суна реза велахь, кехат яздахьара ахьа, агІагхо волчу ХІамдатин кІанта ХІамана массо а хьан пачхьалкхана карахь йолчу меттиге жуьгтий хІаллакбе аьлла яздина долу кехаташ юхадерзош. Цара шайн къамел чекхдаккхале, баьхкина схьакхаьчначу паччахьан ялхоша ХІаман Эсирата кечдинчу тойне ваха сихвира.
Выбор основного перевода