Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
Билггал, адам гІаларт санна лела-кх. Эрна хІума а до цо, хьал а гулдо, ткъа иза хьанна кхочур ду цунна ца хаьа-кх. Эхарт а, хІаллакьхиллачийн дуьне а цкъа а Іаьбна цахиларе терра, адаман бІаьргаш а ца Іеба. Массо а гІуллакх саццаза дІаоьху, Дийца долчух дерриг а цхьаьнгга а дийца лур дац. Хьежарх бІаьрг а бузур бац хьан, ладегІарх – лерг а дузур дац. Сан дог делира айса стигална кІел мел динчу халачу гІуллакхех, хІунда аьлча цу гІуллакхех хилларг сол тІаьхьа вуьсун волчунна кхочур ду-кх. ХІара ду дуьнен чохь мел долу хІума: къилахь болу лаамаш хилар, адамийн цхьана хІуманна бІаьрган хьагам хилар, адамаша шайн долчух а, шаьш динчух а куралла яр. Ткъа стигалахь волчу Дегара дац уьш – кху дуьненара ма ду и дерриге а.
Выбор основного перевода