Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
Стигална кІел суна кхин а гира, кхел ечу меттехь зуламаш хилар, нийсо хила езачохь харцонаш лелор. Махкана баьлла пайда цуьнан массо а бахархошна хила беза. Ткъа паччахь шен мехкан аренаша лун долчун бала кхочуш хуьлу. ДоІанаш а деш, аша куьйгаш кхийдочу хенахь Аса шух Сайн бІаьргаш дІакъовлу, шайн доІанаш аша алсамдаьхча, Суна ца хеза, хІунда аьлча шун куьйгаш цІийх дуьзна ду. Кхел а еш, Шен халкъана юкъара баккхий берш а, баьччанаш а бехкебо Везачу Эло: «Сан кемсийн беш санна токхе долу къам дассийнарг шу ма ду! Мискачарах лачкъийна хІонсах шун цІенош дуьзна ма ду! Сан халкъ хьийзо а, мискачарна ницкъ бан а, шуна бакъо хьан елла?» – боху берриг а ницкъийн Хьалдолчу Эло. Берриге а ницкъийн Везачу Элан кемсийн беш – иза Исраилан халкъ ду, ЯхІудан халкъан адамаш Цунна хазахетта йолу таьллангаш ю. Иза нийсо хиларе хьийжира, амма ницкъ бар хилира, бакъдолчуьнга хьийжира, амма бакъонаш йохор хилира. qac Бqac*уьйсанна иза йоьлху къаьхьачу белхарца. БІаьрхиш а ма ду цуьнан беснеш тІехула охьаоьхуш. Вац-кх цхьа а иза тейийриг и езначу массарна а юкъахь. Цуьнан берриг доттагІий а ямарта хили цунна. МостагІий а хилла, дІахІитти-кх уьш цунна. qac Иqac* боьха томмагІа юх тІехь дара цуьнан. Ца йора цо ойла шех хиндолчун. Цуьнан йожарх нах инзарбевллера. Вац-кха цуьнан догъэца хІинца цхьа а. «Схьахьажахьа, Веза Эла, сан гІайгІа-балане, ХІунда аьлча сан мостагІа вазвелла дІахІоьтти!» Иштта боху Везачу Эло: «Исраилхоша юх-юха деш долу зуламаш бекхам ца беш дуьтур дац Ас, хІунда аьлча цара бакъверг а детих дІавухку, къениг а вухку шина мачех. Къечеран кортош лаьттан ченалахь хьоьшуш ду, ткъа мискачарна нийсаниг дан ца магадо цара. Ур-атталла да а, цуьнан кІант а цхьана зуда-ялхочуьнца лела оьху, Сан еза цІе емал а еш. Закъалт а делла, схьаэцна йолу бедарш тІе а юхий, Іохку уьш сагІанаш дохучу муьлххачу а меттехь. Шаьш гІуда тоьхна болчу нахера схьаэцна долу чагІар муьйлу цара шайн Делан цІа чохь. ЛадогІа кху даше, Шамранан лам тІехь долу Башанан хьийкъина шинарш санна болу зударий. Шу гІийлачарна ницкъбийраш а, мисканаш Іазапехь латтош берш а, шайн хІусамдайшка: «Схьада чагІар, оха мер ду!» – бохурш ду. Иштта аша мисканиг охьа а теІош, цуьнгара ялтица совгІаташ а дохуш, шайна хьаькхначу тІулгех цІенош дийр ду, амма царна чохь дехар дац шу. Кемсийн бошмаш кхиор ю аша, амма царах даьлла чагІар мер дац, Шуна-м дика ца деза, шуна вон деза. Аша адамашна тІера цІока йоккху, ткъа церан даьІахкаш тІера дилха доккху.
Выбор основного перевода