Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
Суна гира хьекъалалла хиларо сонта хиларал сов буьсун болу пайда бар, серло боданал дикаха хиларе терра. Амма цу гІалара бахархошна юкъахь хьекъале цхьа къен стаг а нисвелла, цо шен хьекъалаллица и гІала кІелхьаръяьккхира. Ткъа цул тІаьхьа цу гІалара бахархошна и къен стаг цхьанна а дага а ца веара. Амма аса боху, хьекъалалла тоьлу нуьцкъалаллал, оцу нахана цу къечу стеган хьекъалалла дицделлехь а, цара цуьнга кхин ла ца доьгІнехь а. Тидам бе, сан кІант! Кхин а цхьа дІахьедар до ас хьоьга! Хьекъале кицанаш гулдар чаккхе йоцу болх бу. Хьекъалалла талларо кІадвийр ву хьо.
Выбор основного перевода