Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
ПирІуно Юсупна тІаьхьа нах бахийтира, цара иза сихонца набахтера схьавалийра. Маж а яьшна, тІе цІена хІума а юьйхина, пирІунна тІевахара Юсуп. ТІаккха пирІуно Юсупе элира: «Дала и дерриг а хьуна схьадиллина хилча, хьол хьекъал долуш а, хІуманах кхеташ а стаг вац. Ас сайн цІенна тІехь куьйгалла дан хІоттаво хьо, дерриг а сан халкъ хьан омранаш кхочушдеш хир ду. Паччахьан дарже хьаьжна бен, со хьол лакхара хир вац». ПирІуно элира Юсупе: «Хьажалахь, ас берриг а Мисар-махка тІехь куьйгалла дан хІоттаво хьо». Цо шен пІелга тІера схьадаьккхина мухІар Юсупан пІелга тІе доьллира, дуткъачу кІадинах дина духар цунна тІе а дуьйхина, цуьнан коча дашо зІе оьллира. Шен шолгІа гІудалкха чохь лелаве иза аьлла, омра дира пирІуно. Юсупна хьалха боьлхучу ялхоша, цунна некъ бита бохуш, маьхьарий деттара. Иштта пирІуно Мисар-махка тІехь куьйгалхо хІоттийра Юсуп.
Выбор основного перевода