Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
ХІунда ца велла те со сайн ненан кийрахь волуш, хІунда ца велла дуьнен чу воллушехь? ХІунда эцна со шайн кара, хІунда белла суна накха? ХІинца паргІат Іуьллуш хир ма вара со, синтемехь а хир ма вара со, паччахьашца а, хьехамчашца а, дассийна цІенош шайна юхаметтахІиттийна болчу. Я элашца Іуьллуш хир вара, деши а гулдеш, шайн цІенош детих хьаладузуш болчу. Хеназа бер санна со къайла хІунда ца ваьккхина? Дуьненан серло ца гина аганара бер санна со дІа хІунда ца воьллина? Белла Іесанаш вонаш дечуьра ма совцу, шаьш кешнашка ма-кхеччи, дахаро гІелбинарш цигахь садоІуш ма хуьлу. Цигахь лаьцна болу нах а паргІат ма бовлу, шайн тІехьожуш болчеран аз а ца хезаш. Лараме боцурш а, цІеяханарш а цигахь цхьатерра хуьлу, ткъа лай шен олахочунна хьалха паргІат хуьлу. ХІунда ло бала хьоьгучунна дуьненан серло, синан гІайгІанехь волчунна дахар а хІунда ло? Цара Іожалле сатуьйсу, ткъа иза ца хуьлу, мел еза йолчу хазнел сов иза лоху цара. И санна болу нах, шайна каш карийча, баккхийбеш хир бара, чІогІа цунах сакъераделла. ХІунда луш ю адамна серло, цуьнан дахаран некъ къайлаха хилча, массо а агІор Дала цунна го бина хилча? Сан кхачанан метта аса дохуш долу даккхий синош ду, хи санна, охьаоьхуш сан бІаьрхиш ду. Со къаьхкаш хилларг суна тІекхечи, со кхоьруш хилларг суна хили. Со волчохь я машар а бац, я синтем а бац, я садаІар а дац: сан са карзахдаьлла». ТІаккха суна деза ца делира хІара дахар, хІунда аьлча стигална кІел мел дечу хІумано гІайгІанаш яхьа. И дерриг а кхетам тІе ца кхуьу хІума ду, махана Іуналла дан гІертар санна. Сардам буллу аса со винчу денна! Декъаза хуьлда сан нанас со дуьнен чу ваьккхина де! НеІалт хуьлда: «Хьуна кІант вина!» аьлла, кхаъ а баьккхина, сан дена хазахетийтинчу стагана. Везачу Эло къа ца хетарца йохийначу гІаланашна хилларг хуьлийла цу стагана. Хезийла цунна Іуьйранна орца даккхар, ткъа делкъахенахь тІеман маьхьарий, сайн ненан кийрахь со ца вуьйш витарна, сан нана суна каш хилла ца йитарна, со дуьнен чу ца волуш ца витарна! ХІунда ваьлла те со сан ненан кийрара ара? Деган Іийжамаш, бохамаш бен суна гина хІумма а ма дац! Ткъа сан дахар юьхьІаьржачу хІоттарца чекхдер ду.
Выбор основного перевода