Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьо волчуьра и ала со дІаваханчу хенахь, Везачу Элан Сино суна хуур а доцучу цхьанхьа хьо дІавига ма тарло. ТІаккха аса Ахьаб-паччахье хьох лаьцна хаам а бича, ткъа хьо кара а ца вича, цо со вуьйр ма ву. Хьан лай волу со-х жимчохь дуьйна а Деле болчу ларамах вуьзна ма вара. Цара ЭлишаІе элира: «Хьажахьа, хьан ялхой долчу тхуна юкъахь доьналла долу шовзткъе итт стаг ву. Бахийтахьа уьш хьайн олахо схьалаха. Везачу Элан Сино цхьана лома тІехь я тогІи чохь охьавиллина хир ву иза». «Ца оьшу. Ма бахийта», – элира ЭлишаІа. ТІаккха со Делан Сино хьалаайира. Сайн букъ тІехьа суна чІогІачу гІовгІанан аз хезира. Оцу озо олура: «Ша Іаш волчу меттехь Везачу Элан сийлаллина хастам хуьлда!» Делан Сино со, хьала а айина, дІаваьхьира. Догдоьхна, са карзахдаьлла вара со. Везачу Элан куьг дара суна тІехь чІоггІа лаьтташ. Іийсас Ша цуьнга хих чекхваккхийтира. Иза хи чуьра араволлушехь, Дала стигалш дІасаеллаялийтира. Іийсана хьалха кхокханан суьртехь лакхара охьадогІуш долу Делан Са дІахІоьттира. Иза нийсса Цунна тІе охьадеара.
Выбор основного перевода