Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Мисар-махкара богІур бу векалш. Кхийдор ду Хьоьга, Дела, хушахоша шайн куьйгаш. Везачу Элана тІаьхьахІоьттина волчу кхечу къоман стага ма олийла: «Везачу Эло со билггал Шен халкъах дІакъастор ву». ВаьІна волчо а ма олийла: «Со дакъаделла дитт бен дац». Везачу Эло иштта боху: «Сан шоьтан денош лоручу а, Суна лууш дерг хоржучу а, Соьца бина барт ларбечу а баьІначарна Сайн цІа чохь а, цуьнан пенаш юккъехь а дагадоуьйтийла дІахІоттор ю Аса, ткъа нехан кІентий а, мехкарий а дуьнен чу бовлучул а дика хир ю иза. Абаденналц йолу а, хедар йоцу а цІе лур ю Ас царна». Везачу Элана гІуллакх дан а, Цуьнан цІе еза а, Цуьнан ялхой хила а Цунна тІаьхьахІиттина болу, шоьтан денош лардеш а, Соьца бина барт чІогІа лоруш а болу кхечу къаьмнех берш буьгур бу Ас Сайн безачу лам тІе. ДоІанаш дечу Сайн цІа чохь хазахетар дийр ду Ас царна. СагІа доккхучу Сан кхерча тІехь дохуш долу дийнаташ дагоран а, кхидолу а церан сагІанаш тІеоьцур ду Ас, хІунда аьлча Сан цІа доІанаш ден цІа олуш хир ду, массо а къаьмнашна лерина долу. Паччахьан цІа чохь гІуллакх деш волчу Іабайд-Малик цІе йолчу цхьана хушахочунна хезна Ярми-ЯхІу гІу чу хаийна хиларх лаьцна. Цу хенахь паччахь Бен-Яманан кевнехь хиъна Іаш хилла. Хуша-мехкан хишна дехьа йолчу меттигашкара а Соьга доІа дечара, Ас дІасадаржийначу халкъо, Суна совгІаташ дахьар ду. Пасахьан дезачу дийнахь Далла Іамал ян баьхкинчарна юкъахь грекахой а бара. «ДІахоуьйла шуна, Дала кІелхьардовларх болу Шен кхаъ кхечу къаьмнийн нахана хаийтина: царна хезар ду».
Выбор основного перевода