Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Иза кхелхира КанаІан-махкахь йолчу Кхиръят-АрбаІ цІе йолчу (хІинца Хьеврон олучу) гІалахь. Сарат кхелхича, ИбрахІима, четар чу а веана, белхар хІоттийра. Йордан-хина малхбалехьа йолчу Атад олучу хьаьтта кхаьчча, чІогІа белха хІиттира уьш. ВорхІ дийнахь цигахь белхар дира Юсупа. Дауда Йоабе а, цуьнца хиллачаьрга а элира: «Шайна тІера бедарш этІа а яй, шаьш гІайгІане дуйла хоуьйтуш йолу бедарш юха, Абунарна делха». Абунаран дакъа кешнашка дІахьочу хенахь Дауд-паччахь барамна тІаьхьахІоьттина воьдуш вара. Цигахь яа хІума йиъначарна юккъехь, зударий, берашший доцург, пхи эзар боьрша стаг а вара. Яхьъян мурдашна иза хезча, цара баьхкина, цуьнан дегІ схьа а эцна, къубба чу диллира.
Выбор основного перевода