Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Иза такхийна гІаланах ара а ваьккхина, цунна тІулгаш детта буьйлабелира уьш. Тешаша шайн тІехулара бедарш Шаул цІе йолчу жимачу стеган когашка охьакхийсира. Хьалха санна оьгІазаллех кхехкаш вара Шаул, Іийсан мурдаш хІаллакьхиларе сатуьйсуш. Иза динан коьрта да волчу веара. Іийсан некъа тІе бевлларш, лоьхкуш, лечу хьола тІе бохура ас. Божарий а, зударий а, схьа а лоьцуш, набахти чу кхуьйсура. И дерриг а дора ас Ярушалаймехь: Іийсах тешна беза нах набахти чу кхуьйсура, динан дайшкара бакъо а яьккхина, и нах байар къобал а дора. Ас таІзар дора царна массо а жуьгтийн гуламан цІеношкахь, уьш шайн дина тІера юхабовлийта гІерташ. Сайн царна дуьхьал йолу оьгІазалла сел чІогІа хиларна, кхечу гІаланашка а воьдура со уьш схьалеца». Ткъа векалех уггаре а кІезигниг волу со-м векал ву ала хьакъ долуш а вац, хІунда аьлча Делан долахь йолу, ерриге а Іийсах тешначийн тоба хІаллакьян тІаьхьаваьлла леллера со. Шуна хезна-кх сох лаьцна, хьалха бакъволу жуьгти хилла леллачу хенахь со муха вара. Шуна хаьа, мел къиза тІаьхьаваьллера со Іийсах тешначийн Делан долахь йолчу тобанашна, уьш хІаллак а еш. Сайгахь болчу ницкъе хьаьжжина, Іийсах тешначийн тобанна дуьхьалваьллера. Товрат-хьехамаш кхочушбаро луш долчу бакъвар э хьаьжжина, ала цхьа а хІума доцуш вара со. Іийса сийсазвеш, Цунах тешарш хьийзош, царна ницкъ беш лелла волчу сох къинхетам бина Дала, хьалха со ца кхеташ а, Іийсах ца тешаш а хилла дела.
Выбор основного перевода