Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Векалша доІа дира: «Веза Эла! Хьуна хІораннан а дог девза, гайтахьа тхуна Кипас а, Яхьъяс а царна тІехула куьйгаш лецира, тІаккха Іийсах тешначарна Делан Са тІеийцира. Хьанас, дІа а вахана, шега аьлла цІа схьа а карийна, цу чу вахара. Цо, Шаулан бІаьргаш тІе куьйгаш а дехкина, элира: «Ваша Шаул, хьо кхуза вогІуш, хьуна новкъахь гучуваьллачу Везачу Эло Іийсас ваийтина со, хьуна юха а са гайтархьама а, хьо Делан Синах вуьзна хилийтархьама а». Далла гІуллакх дина а, марха кхаьбна а бевлча, тІе куьйгаш а дехкина, доІа а дина, тІедиллина гІуллакх кхочушдан дІавахийтира цара и шиъ. Іийсах тешачийн хІора тобанехь тхьамданаш а хІиттийна, марханаш а кхобуш, доІанашца уьш тешначу Везачу Элан кара белира векалша. Хьайгахь долу Делан Синан похІма тергам боцуш ма дита. Делера хиллачу хаамца а, динан тобанан тхьамданаша куьйгаш тІедахкарца а хьуна делла ду иза. Сихлой, цхьанна а тІе доІанца куьйгаш ма дахка. Кхечара леточу къиношкахь дакъа ма лаца. Хьо-хьо цІеналлехь латтаве. Цундела юха а дагадоуьйту ас хьуна, сайн куьйгаш тІедахкарехула, Дала хьайна деллачу похІмин алу кхин а йовха ягийталахь.
Выбор основного перевода