Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха динан дайша а, пайхамарша а элира тхьамданашка а, гулделлачу халкъе а: «ХІокху стагана вен кхел ян догІуш ду, хІунда аьлча цо тхан Ярушалайм-гІалина дуьхьал хаамаш бора. Шуна иза шайн лергашна ма хезара!» Иза такхийна гІаланах ара а ваьккхина, цунна тІулгаш детта буьйлабелира уьш. Тешаша шайн тІехулара бедарш Шаул цІе йолчу жимачу стеган когашка охьакхийсира. маьхьарий а детташ: «Исраилхой! ГІо дейша! ХІара массанхьа а нах товратан хьехамашна а, вайн халкъана а, Делан цІенна а дуьхьалбохуш ву. Ткъа хІинца, Делан цІийне кхечу къомах болу нах – грекаш – а балийна, сийлахьа меттиг бехйина кхо».
Выбор основного перевода