Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Пилап, Шамран-махкарчу коьртачу гІала чу а воьссина, Дала леррина Къобалвинчух лаьцна кхайкхам беш вара. Везачу Элан малико элира Пилапе: «Хьала а гІаттий, къилбехь болчу, Ярушалаймера яьссачу арахула Іази-гІала боьдучу новкъа вала», – аьлла. Тапа вийначул тІаьхьа шайна беш хиллачу ницкъах бевдда кІелхьарбевлла Іийсах тешнарш Пиники-гІала а, Кипре а, Антиохе а кхечира. Іийсах болу хаза кхаъ жуьгташна бен ца бовзуьйтура. Делах тешарх а, Делан Синах а вуьзна волу Бар-Нааб дика стаг вара. Иза бахьана долуш дукха адам Везачу Элана тІедирзира. ШолгІачу дийнахь новкъа девлла Кхесрин-гІала кхечира тхо. Ярушалаймехь хаьржинчу ворхІ гІоьнчех цхьаннан, хаза кхаъ нахана юкъахь баржош болчу Пилапан хІусамехь севцира тхо.
Выбор основного перевода