Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Иштта даьржира динан вежаршна юкъахь и «мурд лийр вац» аьлла дешнаш. Ткъа Іийсас иза лийр вац ца аьллера. Іийсас аьллера: «Нагахь Суна, Со юхаваллалц, иза дуьненахь виса лиъча, хьан хІун бала бу цуьнца?» Цкъа уьш гулбеллачу метте бІе ткъа гергга динан ваша веара. Кипас, хьала а гІаьттина, элира: Амма цуьнан къамелехь долчу хьекъална а, цуьнца долчу Делан Синан доьналлина а дуьхьало ца ялора цаьрга. Цара жоп делира: «Тхо дахкийтинарг эпсар Корнил ву. Иза цІена а, Делах кхоьруш а стаг ву, массо а жуьгташа лара а лоруш. Делан малико аьлла цуьнга, хьо шен цІа чу кхайкха аьлла, ахьа дуьйцучуьнга ладогІархьама». Листарехь а, Иконехь а динан вежарша хаза дош олура Тимапих лаьцна. Далла муьтІахь а волуш, товратан хьехамаш кхочушбеш а волуш, цигахь Іачу жуьгташа дика цІе йоккхуш волу Хьанас цІе йолчу стага, Арахьарчу наха дика тоьшаллаш деш хила а веза иза, шена Іиттарш ца яйта а, иблисан гуре ша ца лацийта а. Динан куьйгалхойн гІоьнчий а хила беза хьанал нах, шалха мотт а боцуш, чагІар малар тІех а ца доккхуш, ахчанах шайна пайда а ца лоьхуш. Динан тобанна юкъарчу хІораммо а тоьшалла до Дамарти дика стаг хиларх. Бакъдолчо а тоьшалла до цунах. Иштта оха а тоьшалла до иза дика стаг хиларх. Ткъа шуна-м хаьа, оха до тоьшалла бакъ дуйла.
Выбор основного перевода