Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Харц тоьшалла дан нах дІахІиттийра. Цара бохура: «ХІара стаг гуттар а езачу меттигна а, товратна а дуьхьал къамел деш ву. Я Делан цІийнехь а, я жуьгтийн гуламан цІеношкахь а, я гІали юккъехь а со бехке вечу нахана цхьаьнцца а къуьйсуш я нах карзахбохуш а со ца гина. Кхин кхо де даьлча, жуьгташна юкъара куьйгалхой гулбира цо. Уьш схьабаьхкича, ПахІала элира цаьрга: «Вежарий! Вайн халкъана а, цуьнан гІиллакхашна а дуьхьал ас хІумма а ца диннашехь, Ярушалаймехь, схьа а лаьцна, римхошка дІавелира со. ХІора адам пачхьалкхана урхалла дечарна муьтІахь хила деза. Урхалла дан бакъо, Дала елча бен, ма ца хуьлу, ткъа болуш болу урхалчаш Дала дІахІиттийна бу. Иштта, таІзарх кхерарна хилла а ца Іаш, вайн дог цІена хилийтархьама, вай урхалчашна муьтІахь хила деза.
Выбор основного перевода