Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Буьйсанна ПахІална хьалха хІоьттинчу Везачу Эло элира: «ЧІагІлолахь, ПахІал. Айхьа Ярушалаймехь Сох тоьшалла ма-дарра, Римехь а иза дан дезар ду хьан». Амма суна хета, вел бахьана кхуьнгара ца даьлла аьлла. Рим-мехкан паччахь волчохь шена кхел яр кхо дехарна, ас сацам бина хІара цига дІахьажо. АгІарипас элира Висите: «И стаг хІинцца дІахеца мегар дара, цо Рим-мехкан паччахьна хьалха хІотта лаьа шена ца аьллехь». Цо элира: „Кхера ма лолахь, ПахІал! Хьо Рим-мехкан паччахьна хьалха хІотта дезаш ву, Дала хьан доІанна жоп делла, цундела хьо а, хьоьца кеманна тІехь берш а дийна буьсур бу“. Жуьгтий дуьхьал бара цу сацамна, цундела Рим-мехкан паччахье кхел е аьлла, дехар дан дийзира сан. Амма ас цхьана а хІуманна тІехь бехке ца до сайн халкъ.
Выбор основного перевода