Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Со бахьана долуш паччахьашний, элашний тІе а дуьгур ду шу. Царний, кхечу къаьмнех болчарний хьалха тоьшалла дан а дезар ду шун, шу Сан мурдаш болу дела. Амма шу сема хилалаш, хІунда аьлча шу дІа а лоьцур ду, гуламан цІеношкахь еттар а ю шуна, куьйгалхошна а, паччахьашна а хьалха хІиттор а ду шу, Со бахьанехь шайна хьалха тоьшаллаш дайтархьама. Амма и хІуманаш хилале, шу дІа а лоьцур ду, лаьхкина а лелор ду. Со бахьана долуш, гуламан цІеношкахь кхел а йина, набахте чу а духкуш, паччахьийн а, куьйгалхойн а кара дІа а луш, лелор ду шу. Масех де даьлча, Висита куьйгалхо хІоттор даздан Кхесрин-гІала паччахь АгІарипа а, цуьнан йиша Беруника а деара. ТІаккха паччахь хьалагІаьттира, цуьнца цхьаьна хьалагІевттира мехкан куьйгалхо а, Беруника а, берриш а цаьрца Іийнарш а.
Выбор основного перевода