Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Йоккха гІовгІа елира. Парушхойх болчу цхьаболчу Іеламчу наха бохура: «Кху стагехь тхуна цхьа а вониг ца карадо. ХІун хаьа, цуьнца жино я малико къамел динийла». Цигахь билгалделира кхуьнан бехк бу аьлла лоруш дерг церан шайн товратан хьехамашца доьзна хилар. Амма хІара вен я дІалаца бахьана долуш хІума дацара. Цара, ара а бевлла, бохура вовшашка: «Цу стага иза вен я чуволла цхьа а бахьана ца далийтина». АгІарипас элира Висите: «И стаг хІинцца дІахеца мегар дара, цо Рим-мехкан паччахьна хьалха хІотта лаьа шена ца аьллехь».
Выбор основного перевода