Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Декъалдина ду шу, наха сийсаза дохуш, тІаьхьа а бевлла, харц хабарш а дуьйцуш, Со бахьана долуш бехкедеш лелаш делахь. Хазахетарца даккхийделаш! ХІунда аьлча стигалшкахь йоккха ял хир ю шуна. Иштта хьийзийна пайхамарш а, шул хьалха хилла болу». Динан коьртачу дайша дуккха а хІуманна тІехь бехке вора Іийса. Цигахь Иза бехке ван хІиттира уьш: «Тхуна хІара стаг нах карзахбохуш вуьйла хиъна. Кхо паччахьна ял ма ло боху, Ша Дала Леррина Къобалвинарг ву боху, ткъа иза паччахь ву бохург ду». Динан коьрта дай а, Іелам нах а бара цигахь, шайн ма-хуьллу Іийса бехке веш. Оха къастийна: хІара стаг нахана зуламе хилар, дуьнен чохь массо а меттехь жуьгташна юкъахь питана туьйсуш а, назартхойн тобанан куьйгалхойх цхьаъ хилар а. ТІехула тІе Делан цІа сийсаздан а воьллера хІара, амма оха сацийра. Церан ницкъ бац, со бехке ву аьлла, цхьа а тешо. Сан хьоменаш, шуна тамашийна ма хета шайн луьра зер лан дезар, дага ма даийта, шайца цхьа тамашийна хІума хуьлу аьлла. Нагахь шуна дина таІзар Дала леррина Къобалвинчун мурд ву аьлла делахь, эхь ма хета, Далла хастам бе ша и цІе лелорна!
Выбор основного перевода