Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Инзарбевлла, цара хоьттура вовшашка: «И адамаш массо а галилайхой дац? Цунна тІаьхьабогІучу наха маьхьарий хьоькхура: «Ве иза!» – бохуш. И дешнаш аллалц ладугІуш хилла болу нах, уьш хезча, маьхьарий хьекха хІиттира: «Ве иза! Иза ваха хьакъ вац!» – бохуш. Динан коьрта дай а, жуьгташна юкъара лоруш болу нах а баьхкира цунна тІе, ПахІална арз дахьаш. Цара дехарш дора, къинхетам а бина, ПахІал Ярушалайме схьавалавахьара бохуш. Ткъа новкъахь иза вен къайлаха барт бира цара. Иза схьакхаьчча, Ярушалаймера баьхкинчу жуьгташа, цунна го а бина, иза бехке веш, дуккха а хІуманаш дехира цунна дуьхьал. Амма цуьнан бехк болчух Висита тешо ницкъ ца кхочура церан. Со Ярушалаймехь волуш жуьгтийн тхьамданаша а, динан дайша а, бехке а веш, кхел е бохура цу стагана.
Выбор основного перевода