Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Векалша аьлларг мурдашна тайра. Цара хаьржира Делан Синах а, Делах тешарх а вуьзна волу Тапа а, Пилап а, Прохор а, Никанор а, Тимон а, Парман а, жуьгтийн дин тІеэцна волу Антиохера Никлас а. Цо Ша дІахІиттийнера цхьаберш векалш бина, шолгІанаш пайхамарш бина, вуьш хаза кхаъ кхайкхорхой бина, кхинаш, Іуьно жа санна, динан тоба Іалашйийраш а, динан хьехамчаш а бина. Ткъа хьо муьлххачу а хьолахь кхетаме а хила, баланаш ловш а хила. Хаза кхаъ кхайкхорхочо санна къа а хьега, Далла гІуллакх а деш, хьайна тІедиллинарг дерриге а чекх а даккха. «Цул тІаьхьа иштта хир ду: Аса Сайн Синан Іаь тухур ю дерриг а адамна тІе. ТІаккха шун кІентий а, мехкарий а, шайга пайхамаралла а доьссина, Делера болу хаамаш беш хир бу. Шун баккхийчарна Делера долу гІенаш гур ду. Ткъа кегийнаш Делера долу тамашийна суьрташ дуьхьалхІуьттуш хир бу. Кхузахь яра Ашаран цІийнах а йолуш, шегахь Делера хаам болуш йолу Пануалан йоІ Іайнаъ. Иза вуно къанъелла яра. Майрачуьнца ворхІ шо бен цхьаьна даьккхина яцара иза. „ТІаьххьарчу деношкахь, – боху Дала, – Аса Сайн Синан Іаь тухур ю дерриг а адамна тІе. ТІаккха шун кІентий а, мехкарий а, шайга пайхамаралла а доьссина, Делера болу хаамаш беш хир бу. Кегийнаш Делера долу тамашийна суьрташ шайна хьалха хІуьттуш хир бу, ткъа баккхийнаш Делера долу гІенаш гуш хир бу.
Выбор основного перевода