Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьан Олалла тІекхочийла. Стигалшкахь санна, лаьттахь а Хьан лаам кхочушхуьлийла. Царна жимма дехьа а ваьлла, бертал а воьжна, доІа дира Цо: «Сан Дада! Йиш елахь, и баланийн къаьхьа кад Суна уллохула тІехбаккхахьара Ахь! Делахь а, иза Сан лаамца доцуш, Хьан лаамца хуьлийла». Юха а, дІанехьа а ваьлла, Иза доІа дан волавелира: «Сан Дада! И къаьхьа кад, Аса ца молуш, Суна уллохула тІехбала йиш яцахь, Аса иза мер бу. Хьан лаам кхочушхуьлийла!» кхин а Цо элира: «Сан Дада! Дерриг а Хьан карахь ду, и къаьхьа кад Суна юххехула чекхбаккхахьа! Делахь а, Сан лаамца доцуш, Хьан лаамца хуьлийла дерриг а». «Дада! Хьайн лаам белахь, и къаьхьа кад Суна юххехула чекхбаккхахьа! Делахь а, Сан лаамца доцуш, Хьан лаамца хуьлийла дерриг а». Бакъдерг боху Ас хьоьга, хьо къона волчу хенахь, айхьа-хьайн юкъ йоьхкий, хьайна луъучу метте воьдура хьо. Ткъа хьо къанвелча, хьайн куьйгаш дІа а кховдийна, кхечуьнга хьайн юкъ йоьхкуьйтур ю ахьа, хьуна ца луъучу а вуьгур ву хьо».
Выбор основного перевода