Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Аша Сан цІийнан керта чу хийрачу къаьмнех болу нах балийра. Иштта сунтбаза а, дегнаш хедоза а болчу аьрхачу наха а, Сан цІенна улло а кхаьчна, иза бехдина, Суна тІе сагІанийн мохь а, цІий а деача. Шаьш мел динчу дегазчу гІуллакхашца Соьца бина болу барт бохийра аша. Харц тоьшалла дан нах дІахІиттийра. Цара бохура: «ХІара стаг гуттар а езачу меттигна а, товратна а дуьхьал къамел деш ву. Хьох лаьцна цаьрга олура, кхечу къаьмнийн нахана юкъахь Іаш болу жуьгтий ахь Іамабо, Муса-пайхамарах дІакъаста бохуш, шайн бераш сунт ма де бохуш, вайн гІиллакхаш ма леладе бохуш.
Выбор основного перевода