Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Бахийтинарш Антиохе кхечира. Цигахь, Іийсах тешачийн тоба гул а йина, цаьрга кехат дІаделира цара. Гена новкъа волуш, иза шеца вига а лиъна, ПахІала Тимапи сунт вира. Цу меттехь Іаш болчу жуьгтийн дуьхьа дира цо иза, хІунда аьлча царна хаьара Тимапин да грек вуйла. маьхьарий а детташ: «Исраилхой! ГІо дейша! ХІара массанхьа а нах товратан хьехамашна а, вайн халкъана а, Делан цІенна а дуьхьалбохуш ву. Ткъа хІинца, Делан цІийне кхечу къомах болу нах – грекаш – а балийна, сийлахьа меттиг бехйина кхо». Тешар тІехь чІагІвелла воцу стаг, цунна хетарг дийцаре а ца доккхуш, ша ма-варра тІеэца. Нагахь Дала керлачу дахаре тІекхайкхале хьо сунтвина хиллехь – и билгало дІаяккха ма гІерта. Ткъа нагахь хьо цу хенахь сунтвина ца хиллехь – сунтвайта ца оьшу. Сунтвина хилар а, сунтваза хилар а – хІумма а доцург ду. Ткъа цул а коьртаниг ду Делан парзаш кхочушдар. Жуьгтий болчохь со жуьгти санна вехира, уьш Дала леррина Къобалвинчунна тІеберзорхьама. Товрат-хьехамийн бакъонаш ларъеш болчаьрца а бакъонаш ларйийриг санна вехира со, уьш а Цунна тІеберзорхьама, цу бакъонийн лаамехь со воццушехь. Ур-атталла соьца волу Тита а, грекахо воллушехь, сунтван ца дийзира.
Выбор основного перевода