Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Нагахь шайга алахь: „Хьовсал! Иза яьссачу аренгахь ву!“ цига ма гІолаш. Шайга: „Хьовсал, Иза къайлахчу цІа чохь ву!“ алахь, царах ма тешалаш, Дукха хан йоццуш кхузахь, ша тхьамда ву аьлла, Тхьада цІе йолуш цхьа стаг гучувелира. Цунна тІаьхьа виъ бІе гергга стаг хІоьттира. Амма иза вийначул тІаьхьа, цуьнан накъостий дІасабевдира. ХІумма а доцург а хилла, дІаделира и гІуллакх. Цул тІаьхьа Галилайра Яхьуд гучувелира. Нах дІаязбечу хенахь веанчу цо гІаттамана тоба вовшахтуьйхира. Иза а вийра, цунна тІаьхьахІиттинарш а дІасабевдира.
Выбор основного перевода