Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цундела суна хета, Далла тІе бахка луучу кхечу къаьмнийн нахана вай дуьхьало ян ца оьшу аьлла. Мелхо а, цаьрга кехат яздан деза вай, цІуша бехйина хІума ма яа аьлла а, нахаца леларх а, садукъдина дайинчу бежанийн жижигах а, цІийх а ларло аьлла а. Делан Синан а, тхан а лаам бу шуна кхин хало ца ян, хІара тІедиллинарг доцург: ЦІушна сагІина еана хІума ца яар, цІийх а, садукъдина дайинчу бежанийн жижигах а, нахаца леларх а лардалар. И дерриге а кхочушдахь, аша дика гІуллакх дийр ду. Марша Іойла шу!»
Выбор основного перевода