Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Антиохехь йолчу Іийсах тешачийн тобанехь бара пайхамарш а, Іелам нах а: Бар-Нааб а, шех кхин а Іаьржаниг олу ШамІа а, къуринахо Луку а, мехкан куьйгалхочуьнца ХІародца кхиъна волу Манаан а, Шаул а. ЯхІуд а, Сали а ши пайхамар вара. Шайн дешнашца динан вежарийн дегнаш чІагІдеш, иракарахІиттош бара уьш. ХІордан йистехь йолчу Кхесрин-гІала а веана, цигахь ца соцуш, Ярушалайме, лома, хьалавахара ПахІал. Цигара Іийсах тешачийн тобане маршалла а хаьттина, Антиохе охьавахара иза. Динан тобанашкахь Дала цхьаберш векалш, вуьш пайхамарш, кхозлагІнаш динан хьехамчаш бина дІахІиттийна. Цул сов, цхьаболчарна тамашийна гІуллакхаш дан ницкъ белла, вукхарна адамаш тодан похІма делла. Иштта уллорачарна гІо дан похІма а, урхаллин похІма а, тамашийна мотт бийцаран похІма а делла Цо.
Выбор основного перевода