Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха динан куьйгалхоша вовшашка элира: «Вайна карор а воцучу, стенга ваха воллу те Иза? Вайн махкара дІа а бахана, грекахойн меттигашкахь Іаш болчу нахана тІеваха-м ца воллу те Иза? Цигарчу нахана хьехам бан лаьий те Цунна? Масала, Кипр-гІайре тІера Юсуп цІе йолчу, Леви тайпанах волчу стага (векалша цунах Бар-Нааб а олура, ткъа иза «синтеман кІант» бохург ду) ХІора денна Делан цІийнан кертахь а, цІеношкахь а ца хеддаш хьехамаш а беш, Дала леррина къобалвинчу Іийсах лаьцна нахе хаза кхаъ кхайкхабора цара. Векалша аьлларг мурдашна тайра. Цара хаьржира Делан Синах а, Делах тешарх а вуьзна волу Тапа а, Пилап а, Прохор а, Никанор а, Тимон а, Парман а, жуьгтийн дин тІеэцна волу Антиохера Никлас а. Антиохехь йолчу Іийсах тешачийн тобанехь бара пайхамарш а, Іелам нах а: Бар-Нааб а, шех кхин а Іаьржаниг олу ШамІа а, къуринахо Луку а, мехкан куьйгалхочуьнца ХІародца кхиъна волу Манаан а, Шаул а.
Выбор основного перевода