Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шаула къобалдора Тапин вер. Цу дийнахь Ярушалаймехь Іийсах тешаш болчийн тобане бала хІоттийра. ЯхІуд-махкахула а, Шамран-махкахула а дІасалаьхкира массо а, цхьа векалш боцурш. Тапа суьпачу наха дІавоьллира, цунах доккха белхар а хІоттош. Ткъа Шаул Іийсах тешаш болу нах хІаллакбан волавелира. Цхьана цІа чуьра вукху чу а воьдуш, божарий а, зударий а дІа а лоьцуш, набахти чу бухкуьйтура цо. Ткъа шайн меттера дІалаьхкина болчу мурдаша Везачу Элан Дашах лаьцна хаза кхаъ кхайкхабора шаьш лелачохь.
Выбор основного перевода