Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
И дерриг а хезча, баккхийбеш, Везачу Эло аьллачунна хастамаш бора кхечу къаьмнех болчара. Массо а Делаца долчу дахаре билгалбинарш Іийсах тийшира. Юха а баьхкина, Іийсах тешачийн тоба а гулйина, дийцира цара Дала шайгахула диначух а, Цо Шех тешаран неІ кхечу къаьмнийн нахана схьаелларх а. Иштта, цхьа а тайпа башхо яц жуьгтичунна а, кхечу къомах волчунна а юкъахь, хІунда аьлча Веза Эла массарна а цхьаъ ву, ткъа Шега кхойкхуш мел верг хІорра а алссам декъалво Цо. Делан Йозанашкахь яздина ма ду: «ХІорра а, Везачу Элан цІе а йоккхуш, Цуьнга кхойкхуш верг, кІелхьарвоккхур ву». Делан дуьхьа хиллачу гІайгІано кІелхьарвалар хуьлуьйтуш долу Далла тІеверзар до – и хиларна, стаг дохко ца волу. Ткъа дуьненан гІайгІано Іожалла тІейоуьйту.
Выбор основного перевода