Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Цул тІаьхьа иштта хир ду: Аса Сайн Синан Іаь тухур ю дерриг а адамна тІе. ТІаккха шун кІентий а, мехкарий а, шайга пайхамаралла а доьссина, Делера болу хаамаш беш хир бу. Шун баккхийчарна Делера долу гІенаш гур ду. Ткъа кегийнаш Делера долу тамашийна суьрташ дуьхьалхІуьттуш хир бу. «Цу дийнахь иштта хир ду: лаьмнаша чагІар охьаІенор ду, баьрзнашкара шуьреш охьаоьхур ю, ЯхІуд-мехкан татолаш а хих дузур ду. Везачу Элан цІа чуьра шовда охьадогІур ду, ткъа цо Шитим-тогІина хи мийлор ду. Шу Далла тІедирзина дела, Ас хих чекхдоху шу, амма сол тІаьхьа ван везарг сол нуьцкъала ву. Со Цунна мачаш кхехьа а хьакъ вац. Цо шу Делан Синах а дузур ду, цІарца а дахчор ду. Яхьъяс жоп делира цаьрга: «Ас шу хих чекхдоху. Амма шуна юкъахь лаьтташ Хьенех ву, шуна вевзаш воцу. Цкъа хІинццалц суна а билггала ца вевзара Иза, амма со нах хих чекхбаха ваийтинчу Дала элира соьга: „Делан Са а доьссина, Иза Шена тІехь дуьсуш гун верг хир ву хьуна цу Делан Синах адамаш дузон верг“. ХІунда аьлча Яхьъяс шу хих чекхдехира, ткъа масех де даьлча, шу Делан Синах дузур ду».
Выбор основного перевода