Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шен бедарш а йиттина, месаш а лергина, хица цІанвеллачул тІаьхьа, и стаг Далла хьалха цІена хир ву. Меттамотт болчу схьа а веана, шен четарна арахьа ворхІ де доккхур ду цо. ВорхІалгІачу дийнахь ерриг а шен месаш дІайошур ю цо: корта а, маж а, цІоцкъамаш а, ерриг а кхийолу месаш а. Хица бедарш а йиттина, лийчинчул тІаьхьа Далла хьалха цІена хир ву иза. Левихоша шайн догІмаш а цІандира, тІера бедарш а йиттира. Цул тІаьхьа АхІарона уьш Везачу Элана хьалха шатайпа долу сагІа санна хьала а айира, царна тІера къинош дІадахаран Іадат кхочуш а дира, уьш Далла хьалха цІанбархьама. ЦІена болчех цхьаммо, цу аьттан чим, схьа а гулбина, цІеначу метте охьабилла беза. Исраилан халкъан дуьхьа латтор бу и чим, цунах цІандаран хи кечдархьама. И чим къинан сагІа лоруш ду. ЦІена цахилар дІадаккхархьама, аша, багийначу аьттан чим схьа а эцна, кхаби чу а тесна, цу тІе керла хи дотта деза. Ткъа цІена болчех цхьаммо, ярийн курс а эцна, иза цу хи чу а Іоьттина, четар тІе а, цу чохь хиллачу пхьегІашна а, адамашна а тІе а хин цинцаш тоха деза. Изза дан деза деллачу адаман даьІахкех, я тІамехь вийначух, я ша дІакхелхинчух, я кошах дІахьакхавеллачу муьлххачунна а. Ша цІена волчо Далла хьалха цІена воцучунна кхозлагІчу а, ворхІалгІачу а дийнахь оцу хин цинцаш тоха деза. ВорхІалгІачу дийнахь цо и стаг цІанвинчул тІаьхьа, цу стага хица шен бедарш йитта а еза, шен дегІ цІандан а деза. Сарахь иза Далла хьалха цІена хир ву.
Выбор основного перевода