Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«ЛадогІа! Ас-Айса левихой хаьржина исраилхошна юкъара хьалха дуьнен чу бевллачу берриге а исраилхойн кІентийн метта. Иштта, левихой Сан долахь хир бу, «Исраилхойн хьалха дуьнен чу бевллачу кІентийн метта левихой схьаэца, иштта левихойн бежанийн метта церан бежанаш схьаэца, левихой Сан долахь хилийтархьама. Со Веза Эла ву. Исраилан Дала шу, Исраилан халкъах дІа а къастийна, Шена тІеозийна, Везачу Элан четарца доьзна долу гІуллакх шуьга кхочушдайтархьама а, шу Везачу Элан халкъана хьалха а лаьтташ, шуьга царна гІуллакх дайтархьама а. Иза кІезиг хета те шуна?
Выбор основного перевода