Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ткъа левихоша шаьш совца беза меттиг тоьшаллин четарна гонах билгалъяккха еза, исраилхошна тІехь оьгІазалла ца хилийтархьама. Левихой оцу четарна уллохь ха деш лаьттар бу». АхІаронан а, цуьнан кІентийн а кара дІало и левихой. Исраилан тІаьхьенах уьш леррина АхІаронан кара дІабелларш бу. Мусас АхІароне элира: «Хьайн ной схьа а эцна, цу чу хаза хьожа йогІу сегІаз а, кхерча чуьра богуш болу кІора а биллина, сихонца халкъана тІе а вахана, ахьа царна тІера къинош дІадахаран Іадат кхочушдан деза, хІунда аьлча Везачу Элера оьгІазло схьаяьлла, халкъана цамгаран ун кхетийтина». Аса Исраилан халкъана юкъара схьахаьржина шун вежарий болу левихой. СовгІат санна, уьш хьан кара дІабелира Ас, цаьрга гуламан четарца доьзна долу гІуллакх кхочушдайтархьама.
Выбор основного перевода