СтаргІа гуламан четарна хьалха схьаялае. АхІарона а, цуьнан кІенташа а старгІин коьрта тІе куьйгаш дохкур ду.
Схьадалийначу бежанан коьрта тІе цу стага куьг диллича, и сагІа цу стеган метта Дала тІеоьцур ду, цунна тІера къинош дІадахархьама.
Къинан сагІина лерина старгІа схьаялийра Мусас. Юха АхІарона а, цуьнан кІенташа а старгІин коьрта тІе куьйгаш дехкира.