Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ткъа уьш цІанбеш хІара де: къинойх цІанбан лерина кечдинчу хин цинцаш тоха царна тІе. Шайн догІмаш тІера берриге а чо дІабаккхийта цаьрга. Иштта шайна тІера бедарш а йиттийта цаьрга, тІаккха уьш Суна хьалха цІанлур бу. Исраилхошна тІера долу шатайпа сагІа санна уьш Везачу Элана хьалха базбайта АхІароне, Везачу Элан болх бан уьш кечбархьама. Ткъа левихошка шайн куьйгаш старгІанийн кортош тІе дахкийта. Царах цхьаъ – къинан сагІа, шолгІаниг – Везачу Элана лерина долу дагоран сагІа даккха деза, левихойн къинош дІадахархьама.
Выбор основного перевода