Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цул тІаьхьа Йордан-хина малхбалехьа йолу кхо гІала дІакъастийра Муса-пайхамаро. Хьалха шеца мостагІалла хилла воцу стаг ларамаза вийнарг цига дІавада мегар ду. Царах цхьана гІалахь дІалачкъа йиш хир яра цуьнан, дийна висархьама. Яьссачу шерачу аренгахь йолу Бацар-гІала раабанхошна лерина яра, ГалІад-махкахь йолу Рамат-гІала гадахошна лерина яра, ткъа Башан-махкахь йолу Голан-гІала маннашхошна лерина яра. «ДІаала исраилхошка: „Стагана дІалачкъа гІаланаш харжа шайна, Мусагахула Ас шуьга ма-аллара. Нагахь цхьаммо ларамаза стаг вийнехь, цунна дІалачкъа меттиг хир ю иза. Нагахь шух цхьаммо ларамаза стаг вийнехь, шун аьтто хир бу цига дІадовда а, бекхам лоьхучух цу гІалахь дІалачкъа а. Галилай-махкахь Напталан гунаш тІехь йолу Кхедаш-гІала а, Эпрайман лам тІера Шехем-гІала а, ЯхІудан гунаш тІера Кхиръят-АрбаІ а (кхечу тайпана Хьеврон) дІакъастийра. Йордан-хил дехьа, Ерихон-гІалина дуьхьал, малхбалехьа цара дІакъастийра: Раабанан тайпанах яьссачу арахь Бацар-гІала, Гадин тайпанах ГалІад-махкахь Рамат-гІала, Маннашан тайпанах Башан-махкахь Голан-гІала. И гІаланаш берриг а исраилхошна а, уьш болчохь Іаш болчу тІебаьхкинчу нахана а лерина яра, ларамаза стаг вийнарг, халкъана хьалха кхеле хІотталц, дІалачкъархьама, бекхам бан гІерташ болчу мостагІаша иза веле. Везачу Эло тІе-ма-диллара, шайн лаьттан дакъойх схьа а къастийна, левихошна гІаланаш а, царна уллора аренаш а елира исраилхоша. Хьалхара кхаж КхахІатан тІаьхьенашна белира. И кхаж баларца ЯхІудан а, ШимІин а, Бен-Яманан а тайпанех схьабевлла болчу наха левихошна, динан ден АхІаронан кІенташна, кхойтта гІала елира. Кхаж баларца КхахІатан кхечу тІаьхьенашна а Эпрайман а, Данан а тайпанех схьабевллачу нахера а, Маннашан ах тайпанах болчу нахера а итт гІала кхечира. ГІиршанан тІаьхьенашна Иссарханан а, Ашаран а, Напталан а тайпанех схьабевллачу нахера а, Башан цІе йолчу меттера Маннашан ах тайпанах болчу нахера а кхойтта гІала кхечира кхаж баларца. Мерарин тІаьхьенашна шайн гаранашкахь Раабанан а, Гадин а, Забулан а тайпанех схьабевллачу нахера шийтта гІала кхечира. Везачу Эло Мусагахула шайна тІе-ма-диллара, и гІаланаш царна уллорачу аренашца, кхаж а тосуш, левихошна дІаелира исраилхоша. ЯхІудан а, ШимІин а тайпанаша левихошна еллачу гІаланийн цІераш иштта яра: КхахІатан тІаьхьенах болчу АхІаронан кІенташна а, Левин кІенташна а, царна кхаж хьалха баларна, Кхиръят-АрбаІ цІе йолу гІала а, цунна гонахара аренаш а елира. (Іаьнакхан ден АрбаІан цІарах яра и гІала. Иза ЯхІудан гу тІехь яра, кхин цІе а яра цуьнан – Хьеврон). Цу гІалина уллора аре а, ярташ а Епунин кІантана Килабана елира. Иштта динан ден АхІаронан кІенташна елира лурбоьлла нах ловчкъу гІала – Хьеврон а, гІала Либна а, цу шина гІалина уллора аренаш а. Кхин а царна елира шен аренашца Итар-гІала а, шен аренашца ЭштамуІ-гІала а, Хьулон-гІала а, цуьнан аренаш а, Дибар-гІала а, цуьнан аренаш а, Іейн-гІала а, цуьнан аренаш а, ЮтІа-гІала а, цуьнан аренаш а, Байт-Шамаш-гІала а, цуьнан аренаш а. Цу шина тайпано елла и исс гІала яра. Бен-Яманан тайпано елира гІаланаш: ГавІон а, цуьнан аренаш а, ГибаІ а, цуьнан аренаш а, Іанатот-гІала а, цуьнан аренаш а, Іалмун-гІала а, цуьнан аренаш а. Цара елларг йиъ гІала яра. АхІаронан тІаьхьенашна, динан дайшна, кхаьчнарг кхойтта гІала а, царна гонахара аренаш а яра. КхахІатан тІаьхьенах болчу кхечу левихошна, кхаж баларца, кхечира Эпрайман тайпано елла гІаланаш. Эпрайман лам тІехь йолу Шехем-гІала а, цуьнан аренаш а кхечира царна. И гІала лурбоьлла нах шена чохь дІаловчкъуш яра. Цул сов, ГІазар-гІала а, цуьнан аренаш а елира царна. Кхибцайм-гІала а, цуьнан аренаш а, Байт-Хьорон-гІала а, цуьнан аренаш а елира. Ерриг а йиъ гІала яра уьш. Данан тайпано елира гІаланаш: Элтакха а, цуьнан аренаш а, Габитун а, цуьнан аренаш а, Айлон а, цуьнан аренаш а, Гати-Римун а, цуьнан аренаш а. Йиъ гІала яра цара елларг. Маннашан ах тайпано елира гІаланаш: ТаІнак а, цуьнан аренаш а, Гати-Римун а, цуьнан аренаш а. Цара елларг ши гІала яра. КхахІатан тІаьхьенах болчу кхечу доьзалшна кхаьчнарг ерриг а итт гІала а, церан аренаш а яра. ГІиршанан тІаьхьенах болчу левихошна елира хІара гІаланаш: Маннашан ах тІаьхьено елира лурбоьлла нах ловчкъуш йолу Голан-гІала а, цуьнан аренаш а. И гІала Башан олучу меттехь яра. Цул сов, цара елира БаІаш-Тара-гІала а, цуьнан аренаш а. Ерриг а ши гІала. Иссарханан тайпано елира гІаланаш: Кхишон а, цуьнан аренаш а, Дубрат а, цуьнан аренаш а. Ярмут а, цуьнан аренаш а, Іейн-Ганим а, цуьнан аренаш а. Йиъ гІала елира цара. Ашаран тайпано елира гІаланаш: Мишъал а, цуьнан аренаш а, Іабдани а, цуьнан аренаш а. Хьелкхат а, цуьнан аренаш а, Рахьуб а, цуьнан аренаш а. Йиъ гІала яра цара елла. Напталан тайпано елира гІаланаш: лурбоьлла нах ловчкъуш йолу Галилай-махкара Кхедаш а, цуьнан аренаш а, Хьамут-Дор а, цуьнан аренаш а, Кхартан а, цуьнан аренаш а. Кхо гІала елира цара. ГІиршанан тІаьхьенах болчу нахана кхаьчнарг кхойтта гІала а, царна гонах йолу аренаш а яра. Мерарин тІаьхьенах болчу кхечу левихошна а елира гІаланаш. Забулан тайпано дІакъастийра: ЯкхнаІам а, цуьнан аренаш а, Кхартахь а, цуьнан аренаш а, Димна а, цуьнан аренаш а, НахІлал а, цуьнан аренаш а. Йиъ гІала. Раабанан тайпано елира Бацар-гІала а, цуьнан аренаш а, ЯхІац-гІала а, цуьнан аренаш а, Кхадимут-гІала а, цуьнан аренаш а, МейпаІат-гІала, цуьнан аренаш а. Цара елларг йиъ гІала яра. Гадин тайпанах болчу наха елира гІаланаш: ГалІад-махкахь йолу, шена чохь лурбоьлла нах дІаловчкъу Рамат-гІала а, цуьнан аренаш а, Махьанайм а, цуьнан аренаш а. Кхин а елира Хьешбон-гІала а, цуьнан аренаш а, ЯІзир-гІала а, цуьнан аренаш а. Цара елларг йиъ гІала яра. Кхаж тасарца Мерарин тІаьхьенах болчу левихошна кхаьчнарг шийтта гІала яра.
Выбор основного перевода