Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
я нагахь, шен цхьана стагаца мостагІалла долу дела, иза валлал цунна тІе куьг тохахь, и стаг вен везаш ву – иза адам дийнарг лору. И стаг шена дуьхьалкхетча, чІир йоькхуш волчо иза вуьйр ву. ТІаккха хІокху сацамашка хьаьжжина, стаг вийначунна а, цІий Іанорна чІир йоькхуш волчунна а юкъахь дерг гуламо къасто деза. иза чІир йоькхучунна цу гІалина арахьа дуьхьалкхета мега. Ткъа чІир йоькхуш волчо и стаг вийча, цунна тІехь цІий Іаноран бехк хир бац. И гІаланаш кхоъ ца хилча, некъ беха хиларна чІир йоькхучо, ша оьгІазвахханчохь, стаг вийначунна тІаьхьа а ваьлла, цунна тІе а кхаьчна, иза вен тарло. Делахь а, оцу стагана вен кхел ца йогІу, иза хьалха оцу веллачуьнца мостагІалла долуш ца хилла дела. тІаккха цуьнан гІаларчу къаноша, иза цигара схьалаца цунна тІаьхьа нах бахийта беза. И стаг чІир йоькхучу нехан кара дІавала веза, иза валийтархьама.
Выбор основного перевода