Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Исраилхошна юкъахь Іийр ву Со, церан Дела а хир ву Со. Царна хуур ду Со церан Веза Дела вуйла, царна юкъахь Іархьама, уьш Мисарара арабаьхна волу. Со церан Веза Дела ма ву». Ур-атталла уьш тІехь Іаш долу лаьтта а боьха хилира. Цуьнан къинош бахьана долуш Ас таІзар до оцу лаьттана, цо шена тІера и нах дІаІеттор бу. Везачу Элана хьалха болчу сагІа доккхучу кхерча тІера богуш болчу кІоранах юьззина ной а, ши кана юьззина кегийра аьтта долу хаза хьожа йогІу сегІаз а, схьа а эцна, кирхьанна тІехьа йолчу уггар езачу чоьнна чухьур ду АхІарона. цу докъе дитта тІехь буьйса ма яккхийта, оццу дийнахь иза дІаволла, хІунда аьлча диттах ирхъоьллина волу муьлхха а стаг Далла хьалха неІалт кхайкхийна ву. Шайн Везачу Дала шайн дола луш долу латта бех ма де».
Выбор основного перевода