Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Нагахь стага валлал чІогІа цхьанна тоьхнехь, тоьхнарг вен веза. Амма цхьаъ, шен уллораниг тешнабехкаца хаа а хууш, вен а вийна, Суна сагІа доккху кхерч болчу веддехь, кхерчана уллора дІа а вигий, ве иза. Нагахь цхьаммо стаг вехь, иза вен веза. Амма нагахь санна цхьаъ вукхуьнан мостагІа а хилла, иза лар а вина, цунна тІе а кхетта, иза вен а вийна, царах цхьана гІала дІавадахь, тІаккха цуьнан гІаларчу къаноша, иза цигара схьалаца цунна тІаьхьа нах бахийта беза. И стаг чІир йоькхучу нехан кара дІавала веза, иза валийтархьама.
Выбор основного перевода