Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Нагахь цхьаммо адам даллал чІогІа цунна тІе аьчка хІума тохахь, иза адам дойург лору. И стаг вен везаш ма ву! Шина я кхаа тешо динчу тоьшаллица бен и бехкеверг вен ца веза. Стаг вен кхел ярхьама, теш цхьаъ хилла Іан ца веза. Нагахь санна муьлхха а къа латорна тІехь я зулам дарна тІехь стаг бехкевеш велахь, цхьа теш хилар ца тоьу. ХІорра а бехкевар шина я кхаа тоьшалла дечеран багахула бен чІагІдийр дац Амма цо хьоьга ла ца догІахь, хьайца цхьаъ я шиъ стаг валаве, хІунда аьлча Йозанаша ма-бохху: „ХІорра а бехкевар шина я кхаа тоьшалла дечеран багахула чІагІдийр ду“. Со кхозлагІа а вогІу шу долчу. Делан Йозанаша боху: «ХІорра а бехкевар шина я кхаа тоьшалла дечеран багахула бен чІагІдийр дац». Муса-пайхамаран товрат-хьехамаш талхийнарг къинхетам боцуш вуьш ву, нагахь шиъ я кхоъ теш велахь.
Выбор основного перевода