Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Нагахь ларамаза стага цхьаъ вийнехь, ткъа Дала иза магийтинехь, бехкениг Ас аьн долчу метте ведда дІаваха веза. «Шун Веза Дела шуна схьалуш долчу лаьтта тІера къаьмнаш хІаллакдина ваьлча, аша церан латта шайн дола доккхур ду, церан гІаланашкахь а, цІеношкахь а даха а ховшур ду шу. ТІаккха шун Везачу Дала шуна дІалуш долчу шайн лаьттана юккъехь шайна кхо гІала дІакъастае. Шайн Везачу Дала шайн дола луш долчу лаьттах кхо дакъа а де, хІора декъа чохь дІакъастийна йолчу гІалина тІедоьлху некъаш а де, адам дийна волчу муьлххачу а стеган цига дІавада аьтто хилийтархьама. Шен са кІелхьардаккхархьама, оцу гІаланех цхьаьнга ведда волчу адам дийначу стагах лаьцна долу весет иштта ду. И санна волчу стага ларамаза шена уллораниг вийна хила веза, велларг валале хьалха цуьнца мостагІалла а доцуш. Масала шух шиъ хьуьнах вогІу дечиг даккха, ткъа дитт хадо хьалхарчу стага диг хьалаайича, оцу дагаро, даганна тІера а даьлла, шолгІачу стагана тІе а кхетта, иза вен тарло. ДІалочкъийла йолчу гІаланех цхьанхьа дІавада мегар ду адам дийна волу иштта стаг, дийна висархьама. И гІаланаш кхоъ ца хилча, некъ беха хиларна чІир йоькхучо, ша оьгІазвахханчохь, стаг вийначунна тІаьхьа а ваьлла, цунна тІе а кхаьчна, иза вен тарло. Делахь а, оцу стагана вен кхел ца йогІу, иза хьалха оцу веллачуьнца мостагІалла долуш ца хилла дела. Цундела дина ас хІара омра: „Шайна кхо гІала дІакъастае“, – аьлла. Шун Везачу Дала, шун дайшна ваІда ма-дарра, шун долахь болу мохк алсамбаьккхича, шун дайшка Ша йинчу чІагІоне хьаьжжина, Цо дерриге а латта шуна дІаделча, кхин а кхо гІала дІакъастае. (Дала и латта лур ду шуна, нагахь санна тахана ас тІедуьллуш долу хІара дерриге а весеташ аша леррина кхочушдахь – нагахь санна шун Веза Дела шуна везахь, шаьш мел деха Цуьнан некъашца шу лелахь.) Шун Везачу Дала, шун дайшна ваІда ма-дарра, шун долахь болу мохк алсамбаьккхича, шун дайшка Ша йинчу чІагІоне хьаьжжина, Цо дерриге а латта шуна дІаделча, кхин а кхо гІала дІакъастае. (Дала и латта лур ду шуна, нагахь санна тахана ас тІедуьллуш долу хІара дерриге а весеташ аша леррина кхочушдахь – нагахь санна шун Веза Дела шуна везахь, шаьш мел деха Цуьнан некъашца шу лелахь.) Иза делаш шун Везачу Дала шун дола лур долчу шайн лаьттана юккъехь бехк боцучу стеган цІий ца Іанадайтархьама а, шуна тІехь цІий ца хилийтархьама а. Амма нагахь санна цхьаъ вукхуьнан мостагІа а хилла, иза лар а вина, цунна тІе а кхетта, иза вен а вийна, царах цхьана гІала дІавадахь, тІаккха цуьнан гІаларчу къаноша, иза цигара схьалаца цунна тІаьхьа нах бахийта беза. И стаг чІир йоькхучу нехан кара дІавала веза, иза валийтархьама. Шун бІаьргашна къа ма хетийла цунах. Бехк боцучу стеган цІий Іанор дІадаккха исраилхошна юкъара, шуна дика хилийтархьама». «ДІаала исраилхошка: „Стагана дІалачкъа гІаланаш харжа шайна, Мусагахула Ас шуьга ма-аллара. Нагахь цхьаммо ларамаза стаг вийнехь, цунна дІалачкъа меттиг хир ю иза. Нагахь шух цхьаммо ларамаза стаг вийнехь, шун аьтто хир бу цига дІадовда а, бекхам лоьхучух цу гІалахь дІалачкъа а. Ишттачу гІала ведда веанарг, гІалин кевне а хІоьттина, цигарчу къаношка шена хилларг дІадийца дезаш ву. Цара, шайн гІалахь тІе а лаьцна, ваха меттиг лур ю цунна. Иза вен дагахь бекхам лоьхург тІаьхьаваьлча, тхьамданаша дІалур вац ведда веанарг, хІунда аьлча цо ларамаза вийна уллораниг. Селхана а, стомара а вийначуьнга цабезам ца хилла цуьнан. Кху гІалахь Іийр ву иза, ша халкъана хьалха кхеле хІотталц, цу заманахь волу динан коьрта да валлалц. Цул тІаьхьа стаг вийнарг шен гІала а, шен цІийне а юхаверза йиш йолуш хир ву“».
Выбор основного перевода