Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шайн долахь йолчу гІаланашкахь муьлххачу хенахь а цІенош юхаэца бакъо ю левихойн. Ткъа, масала, царах цхьаммо цІенош юха ца эцахь, меттахІотторан шарахь уьш юха а хІусамден дола девр ду, хІунда аьлча левихойн гІаланашкахь долу цІенош церан долахь ду. Исраилхошна юкъахь левихойн дакъа ду иза. Амма церан гІаланашна гонах йолу аренаш йохка мегаш яц, хІунда аьлча уьш гуттар а йолчу ханна церан дола яьхна ю. Шина тайпанна а, Маннашан тайпанан вукху эханна а Мусас Йорданал дехьа, малхбалерчу агІор, дакъа деллера, ткъа Левин тайпанах болчарна царна юкъахь дакъа ца деллера. Юсупан кІентех ши тайпа схьадаьллера: Маннашан а, Эпрайман а. Ткъа Левин тІаьхьенашна латта ца деллера, царна гІаланаш еллера, бежанаш а, жаш а лело меттигаш а луш. КанаІан-махкахь йолчу Шилун-гІалахь дара иза. Левихойн тхьамданаша элира: «Мусагахула Везачу Эло тІедиллина, тхуна чохь Іан гІаланаш а, даьхни лело цу гІаланашна уллора аренаш а ло аьлла».
Выбор основного перевода