Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Латта муха ду а хьовса: токхе ду я ледара ду? Цигахь дитташ ду я дац хьовса. Даггара гІерталаш, шаьш юхадоьрзуш цу махкахь кхуьуш болу стоьмаш шайца схьабалаш». (Ткъа иза кемсаша стом луш йолу зама яра.) ЯрбаІама Исраилан халкъана юхадерзийра Хьамат-Іинера дуьйна Іариба-тогІин хІорда тІе кхаччалц долу латта. И дерриг а дара Исраилан халкъан Везачу Дала Шен ялхо волчу Аматин кІантехула Юнусехула аьлларг. Иза Гати-Хьепар олучу меттигера схьаваьлла пайхамар вара. ХІара ду лаьттан доза: къилбаседехьа йолчу йистехь иза Дуьненаюккъерчу хІордана тІера дІадолало, тІаккха Хьетлонехула, Хьаматан Іин тІе дІакхочу. Цигара дІа Хьамат-гІала а, Берата-гІала а Дамасакханий, Хьаматаний юккъехь йолчу Сибраймана тІекхочу. Цигара дІа Хьавранаца доза долчу Хьацар-Тихунана тІе кхочу.
Выбор основного перевода